ТIекхочийла долу линкаш

Журналист Политковская Анна еран гIуллакх къасточу Москохарчу кхелехь, цунна урхалла деш волу суьдхо Мелёхин Павел дуьхьал хилла урхалла Iад дита а, бехк-къасторхой дIасахеца а.



Оцу кепара, кхело кхочуш ца дина, зе хиллачу агIонан адвокаташа дина дехар.
Журналистан бераш реза дац, шаьш дакъа ца лоцуш, бехк-къасторхойн тоба вовшахтохарна. Кхелехь дакъа лаца дуьхьал даьлла Политковскаян кIант а, йоIа а.
Бехке лоруш кхеле озийна пхи стаг ву – Нохчо Гайтукаев Лом-Iели, цуьнан йишин ши кIант ИбрехIим, Джабраил а МахьмудовгIар, Москохан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Коьртачу Урхаллин белхахо хилла волу Хаджикурбанов Сергей а. Товбецан беттан 24-чу дийнахь хиллачу кхелан ладегIаршкахь цара массара а шаьш бехке дац элира.

Москох, шен хIусамехь, лифт чу йолуш йийна ю Политковская Анна, цкъачунна мила ву ца хуучу стага.
XS
SM
MD
LG