ТIекхочийла долу линкаш

«Матвеевский» базарахь Iотта-баккхам баларна бехке лоруш волу Магомедов Мохьмад полицино


Москохара «Матвеевский» базарахь шоьтан дийнахь Iотта-баккхам баларна бехке лоруш волу Магомедов Мохьмад лаьцна Москохарчу полицино. Дийцарехь, цо зуда хьийзинера аьлла, иза лаца баханчу полисхойх цхьанна чевнаш йина Магомедовс.

Цу меттехь хиллачу «Русская планета» журналисто Маршо радиога дийцарехь, кхаарин дийнахь полисхоша дIаяьхьначу операцехь лаьцна иттех стаг. Дукха хьолахь зударий.

ТIахьарчу масех дийнахь Москох дIаяьхьначу лерринчу операцешкахь эзар сов стаг лаьцна.

«Матвеевский» базарара йохкархойн хьесапехь, полисхоша шаьш питана даьккхинера шоьтан дийнахь. Дов а эккхийтина, базар дIа а яккхийтина, иза тIехь йолчу лаьттан тIехь керла йохка-эцаран комплекс ян Iалашо йолуш дина хIума ду иза.
Кхаарин дийнахь Москохан Малхбузенан гонарчу префектурано бакъдина, «Матвеевскй» базар йохорг хилар.
XS
SM
MD
LG