ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн хьоладайша шайн эрна ахчанашца лакхабаьхна Европера мехаш


Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Лос Анджелес, хIурдан йист, Оха2006

Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Лос Анджелес, хIурдан йист, Оха2006

Советан пачхьалкхан набахте йоха а йоьхна, дуьненан мичча маьIIе ваха а, ван а маршо Оьрсийчоьнан бахархошна яьлчахьана, таронечу оьрсийн совдегарша Iадат лаьцна, Европехь садоIа а, сакъера а. ТIаьхьарчу хенахь царех уггаре а даккхий ахчанаш дерш, Европерачу тийначу лаьцнашка баха дIаоьхуш а бу.

„Оьрсий бу богIуш“ бохуш болу дешахIоттам шуьйра евзаш ю доллучу дуьнентIехь а. Даима а ца хуьлу иза, ша хезачуо, къаьстина и хезаш берш Малхбузерачу Европехь бехаш белахь, хазахетарца тIеоьцуш. Схьахетарехь, уггаре а дуьнентIехь девзаш долу оьрсийн масех дош „погром“, „водка“, „калинка“ цу дешахIоттамо карладоккхуш хиларна долчух тера ду иза.

ХIунда аьлча, тIаьхьарчу шерашкахь ахчано хьалабуькъна болу „керла оьрсий“, хьалха сакъера Европе бахкарах тоам беш хиллачу, хIинца дийна хьешийн цIенош я гIапнаш, я уггаре а езачех вилланаш а иййеш, Iе-баха Европе сехьабуьйлуш бу. Ткъа уьш сехьабийларца меттигерачу нахана цхьа могIа новкъарлонаш йоьзна хуьлу.

Масех шо хьалха хIинца гуттар а солида кеп лелош волу Прохоров дийна цхьа тоба мехкаршца Францерачу Куршевелехь полицино маьттаза леларна сацаваллаллца таронечу оьрсашна марзаелла хилларг Францера лаьмнашкара курорташий, ког-салазаш хохку меттигаший яра Iай, ткъа аьхка - циггара Лазуран хинбердаш олуш йолу меттигаш яра.

Амма тIаьхьарчу масех шеран, олуш ма-хиллара, тренд, оьрсийн олигархаш гIовгIане Европера яккхий гIаланаш йитаъ юьтуш, шайн гIовгIанашца тийначу немцойн а, австрихойн а Альпашца Iоьхкучу ярташка а, кегийчу гIаланашка а сехьа бовларехь ю. И мода йолийнарг мацах цкъа Москох-гIалин да хиллачу Лужковн хIусамнана, миллирдер йолу Батурина Елена лара йогIу.

Цуо Австрерачу КицбухIель цIе йолчу цхьана жимчу лаьмнийн юьртах шена чуохь Iе вилла а, ткъа ишта бизнес лелон хьешийн цIа а эцначул тIаьхьа, тароне оьрсийн тобанашкахь чухьаьлхира КицбюхIелера лаьттанаш а, цIенош а схьаийдан, вовшкара къийсаъ къуьйсуш ша - ша алсамох ахча дала а гIерташ. Цул тIаьхьа цара цу цхьана хенахь тийна хиллачу, боллучу австрихойн махкара нах Iаламах марзо эца а, Альпашка бIарг а тухуш, тийналле ладогIа а оьхуш хиллачу меттигах цхьа хаддаза сакъераран, маьхIарш хьекхаран, сахиллалца мукъамаш а, цIогIанаш а декаран кIуркIамане йира. ГIишлошний, латтанашний цара базбина мехаш ца бийцича а.

ХIинца изза „Оьрсий бу богIуш“ бохучу хьолах кхера буьйлабелла Германин дозанна тIехь Iоьхкучу Альпийн бахархой а. Немцойн махкан уггаре а хазчу маьIIехь, Баварерачу Гармиш-Партенкирхен олучу гIалахь, вилла эцна дукха хан йоцуш оьрсийн олигархо Абрамович Романа. Меттигерачу Die Welt газетано яздарехь, хьалха и хIусмаш Оьрсийчоьнан хьалхарчу президентан Ельцин Борисан йоIан, Дьяченко Татьянин, долахь хилла.

Ала дашна, и Дьяченко Татьяна бахьана долуш масех кIира хьалха гIовгIа яьржинера Австрехь а. Цу пачхьалкхин олалла тIе а эцна, цигахь ехаш йолчу цунна австрихойн паспорт низамца а доцуш, меттигерачу хьукматхошна кхаъ белла, даьккхина дуй теша цуо, аьлла, шеконаш кхоллаеллера Австрерачу Iедалхойн. ХIинца и хIума толлуш бу меттигерачу прокуратурин белхахой.

Мухха делахь а, хIинца Абрамович немцойн Альпийн уггаре а лакхарчу бердана, Цугшпитце олуш болчу, уллохь ваха хиъчахьана, цига дIахьелхина, шайн Iедалехь, кхин болу оьрсийн совдегарш а. Царна юккъехь ву, цхьаццаболчара чIагIдарехь, Усманов Алишер а, Дерипаска Олег а, Прохоров Михаил а. Цул совнаха, циггахь, гена воцуш, Iаш ву Советан пачхьалкхан президент хилла волу Горбачев Михаил а.

Нагахь санна, гIишлонаш юхкуш-оьцуш болчу маклершна тароне оьрсийн цига баха ховшарх дика хIонза йолуш елахь, меттигерачу бахархойн даллане а самукъа ца долу цу тайпанчу лулахойх. Цкъа делахь, цу меттигашкара тоьл-тоьллачех долу дакъанаш шайн дола доху цара, шозлагIа делахь, лаьттанийн а, гIишлойн а мехаш сенчу стигал кхаччалла лакхадоху.

Ткъа кхозлагIниг, схьахетарехь, уггаре а коьртаниг, - шайн къелла лан а Iемина, цIехьана даккхийчу ахчанашка кхаьчначу нехан хуьлуш ма-хиллара, - башхачу амалшца гIарабевлла болчу „керлачу оьрсаша“ шаш гамбо миллионер а, латтаахархо а цхьатерра хета Iеминчу меттигерачу бюргершна.

ХIунда аьлча, цхьана Баварерачу лаьмнашкарчу хьешийн цIачохь болх беш волчу юург дIахIотточуо ма-аллара, „Нагахь санна, пхьор диинчул тIаьхьа шаьш хьуна, массара санна, чай мала олий, шайнаш лахь, массарна а иза гайта гIерташ а, цул совнаха, хьо хьайн бухадисинчу дахарехь шайна къежаш а, вецаш а хила веза, аьлла хета оьрсийн совдегаршна. Ткъа оьзда амалш йолчу наха шаьш тхуна чай мала хIума кховдочу хенахь, иза нахана хьовха, шаьш шайна гайта а товш ца хеташ санна, хуьлу“.
XS
SM
MD
LG