ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сноуден Эдвардана цхьана шарана тхов-кIело елла Оьрсийчоьно


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисийн белхахо хиллачу Сноуден Эдвардана «Шереметьево» аэропортера транзитан зонера дIаваха бакъо луш долу официала документаш делла Оьрсийчоьнан федералан миграцин сервисо. Мангал-беттан 23-чу дийнахь дуьйна аэропортерчу транзитан зонехь хан текхна Сноудена, ХIонконгера Оьрсийчу вахан новкъа ваха араваьлчхьана дуьйна.
Сноуденна кехаташ даларх лаьцна хаам бира, Iамеркахочунна низамийн агIора гIо лоцуш волчу адвокато Кучерена Анатолийс.

Кучерена: «Кхерамазечу метта дIавахана иза. Аша кхетамца тIеоьцур ю аьлла хета суна и информаци. Шуна массарна а баркалла ала бохуш а вара иза. Шу кхетарг хиларх чIогIа догдохуш ву и. Кхерамазаллица доьзна хаттар, цунна чIогIа ладаме хаттар ду.»

Сноуденна цхьана шарана Оьрсийчохь тхов-кIело елла оьрсийн Iедалша.
Iамеркера CNN телевизионо билгалдаккхарца, Сноуден волу меттиг къайлаяхийтина ю.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа иза бехке веш ву цо къайлаха хаамаш гIарабахарна. Иза схьавалар а доьху Вошингтоно. КIайчу ЦIенна хетарехь, Москохо Сноуденна кIелхьарволийла яларо Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш талхон тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG