ТIекхочийла долу линкаш

Исламабадца «стратегин къамел» юхадолош ю Вошингтон



И аьлла, Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн хьехамчица Iазиз Сартаджаца цхьаний Исламабадехь вовшахтоьхначу зорбан-конференцехь вистхилира Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон. Шина агIонан юкъаметтигаш нислург хиларх догдохуш ду Iамеркан а, Пакистанан а Iедалш, элира Керрис. Тахана хьалхуо Керрис дагадовларш дIададьхьнера, Пакистанан керлачу премьерца Шариф Навазца.

Вошингтонан а, Исламабадан а юкъаметтигаш кхоччуш телхинера, 2011-чу шарахь Iамеркан ницкъаша Пакистанан латта тIехь «Ал-Кхайдин» лидер Бин Ладен Iусама вуьйш операци дIаяьхьначул тIаьхьа.

Исламабад дуьхьал ю, Iамерко пилот воцчу кеманашца шайн латтанашна тIе хIаваэра ракеташ еттарна а. Шайн мехкан йозуш ца хилар дохадо аьлла хета иза, пакистанан Iедалшна.
Ша Iамеркан пачхьалкхан секретар хIоьттичхьана дуьххьара вахана Керри Джон Пакистане.
XS
SM
MD
LG