ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхеле озийначу агIонан цхьа а дехар кхочуш ца до, Политковская ер къасточу Москох-гIалин кхело


Журналист Политковская Анна еран гIуллакх къастош, болх дIакхоьхьуш яра Москохара кхел еарин дийнахь а. Кхаарин дийнахь, цунна урхалла деш волу суьдхо Мелёхин Павел дуьхьал хилира кхелана деш долу урхалла Iад дита а, бехк-къасторхой дIасахеца а.

Оцу кепара, кхело кхочуш ца дина, зе хиллачу агIонан адвокаташа дина дехар.
Журналистан бераш реза дац, шаьш дакъа ца лоцуш, бехк-къасторхойн тоба вовшахтохарна. Кхелехь дакъа лаца дуьхьал даьлла Политковскаян кIант а, йоIа а. Изза ойла йолуш ву, бехке бечу МахмудовгIеран адвокат Мусаев Мурад а.

Бехке лоруш кхеле озийна пхи стаг ву – Нохчо Гайтукаев Лом-Iели, цуьнан йишин ши кIант ИбрехIим, Джабраил а МахьмудовгIар, Москохан Чоьхьарчу ГIуллакхийн Коьртачу Урхаллин белхахо хилла волу Хаджикурбанов Сергей а. Товбецан беттан 24-чу дийнахь хиллачу кхелан ладегIаршкахь цара массара а шаьш бехке дац элира.

2006-чу шеран ГIадужу-баттахь Москох, шен хIусамехь, лифт чу йолуш йийна ю Политковская Анна, цкъачунна мила ву ца хуучу стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG