ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхерамазаллица доьзна Сноуден Эдвардан таро яц Оьрсийчухула дIасалела


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисийн белхахо хиллачу Сноуден Эдвардан, цунна тIехь лаьтта кхерам бахьанехь, цкъачунна таро яц Оьрсийчухула дIасалела. И аьлла тахана дIахьедар дира цуьнан адвокато Кучерена Анатолийс. Кучеренас бахарехь, Сноуденна хIинца а ца хаьа ша Оьрсийчохь хIун дан дагахь ву. Дийцарехь, Iамеркахочуьн да ву иза волче ваха везаш. Дукхах долу хаттарх «доьзалан кхеташонехь» къастор долуш ду. Адвокато дийцарехь, цо Iамеркахочунна яа хачапури яьхьнера. Иза цунна чIогIа тайна, элира цо.

Даханчу еарин дийнахь Сноуденна «Шереметьево» аэропортан транзитан зонера дIаваха бакъо лун официала документаш делира Оьрсийчоьнан федералан миграцин сервисо. Мангал-беттан 23-чу дийнахь дуьйна аэропортерчу транзитан зонехь хан текхна Сноудена, ХIонконгера Оьрсийчу ваха новкъа ваьлчхьана дуьйна.
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа иза бехке веш ву, Iамеркан лерринчу сервисийн хаамаш гIарабахарна. Иза схьавалар а доьху Вошингтоно. КIайчу ЦIенна хетарехь, Москохо Сноуденна кIелхьарволийла яларо Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш талхон тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG