ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Роухьани: «Сионистийн режим бусулба дуьненна тIера ширъелла чов ю, иза дIаяккха езаш ю"


ГIажарийчохь керла хьаржинчу президенто Роухьани Хьасана дIахьедар дина, «Сионистийн режим шерашкахь бусулба дуьненна тIера ширъелла чов ю, иза дIаяккха езаш ю," аьлла. ХIора шарахь ГIажарийчохь палестинхошна гIортор гойтуш, Кхудсан де олу манифестаци дIахьучу дийнахь дира цо и дIахедар.
ТIедогIучу кIиран дийнахь Роухьани официала кепара президентан дарже воккхуш церемони хир йолуш ю.

Роухьанел а хьалха хиллачу гIажарийн президенто Ахьмадинежад Махьмуда а дора Израилан хьокъехь изза чулацам болу дIахьедарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG