ТIекхочийла долу линкаш

Керри Джон: Пакистанна тIе хIаваэра герзаш деттар кеста сацор ду Цхьанатоьхна Штаташа


Кхерамазаллин хаттаршца доьзна Вошингтонан Исламабадца долу «стратегин къамел» юхадолон барт а бина, Iамерке юхавоьрзучу Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джона аьлла, Пакистанна тIе хIаваэра герзаш деттар кеста совцор ду Цхьанатоьхна Штаташа.

Керрис дагадовларш дIададаьхьначу Пакистанан керлачу премьеро Шариф Наваза Iамеркина тIедиллина, ракеташ еттар сацор. Шайн мехкан йозуш ца хилар дохадо аьлла хета иза, пакистанан Iедалшна.
Ша Iамеркан пачхьалкхан секретар хIоьттичхьана дуьххьара вахана Керри Джон Пакистане.
Вошингтонан а, Исламабадан а юкъаметтигаш кхоччуш телхинера, 2011-чу шарахь Iамеркан ницкъаша Пакистанан латта тIехь «Ал-Кхайдин» лидер Бин Ладен Iусама вуьйш операци дIаяьхьначул тIаьхьа.
XS
SM
MD
LG