ТIекхочийла долу линкаш

Кеманийн билеташ дайдалийта хьожур ю оьрсийн ДУМА


ХIара шо чекхдалале кеман билеташ дайдарна тIехьажийна низам тIеэца дагахь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ДУМа. Оцу хьукхмате хIинцале чуелла, кеманийн компанийн долахошна юха ца лун билеташ дохка а, некъахо юхаваьлча цунна ахча юхадаларан кеп хийца а бакъо луш долчу низаман проект. Поектан дайшна хетарехь, цо аьтто лур бу кеман билетийн мах охьабаккха.

Шен агIора, Оьрсийчоьнан Инарла Прокуратуро Федералан антимонополин сервисца цхьаьний дIабаьхьначу талламо гучудаьккхина, оьрсийн кеманийн компанеша некъахошна эрна билламаш тIе а бохкуш, доккхучу ахчанан барам лакхабаккхар.
XS
SM
MD
LG