ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена хьалхха летта куьйгалхо даржера вохийна Евкуровс


Евкуров Юнусбек Москохарчу зорбан-конференцехь, 16Сти2013
Евкуров Юнусбек Москохарчу зорбан-конференцехь, 16Сти2013

РогIера республикан кегийрахойн комитетан кьуйглхо даржера вохийна гIалгIайн президента Евкуров Юнусбека. Президентца долчу цхьанакхетарехь, шена ца тов къамел динчу стагах летта и стоьлан да.

НеIалт кхайкхича санна, товш дац, ГIалгIайн мехка Iедалан кегирхойн комитетера куьйгалхочуьнна дарж. Йоцучу заманахь, кхозлогIа хьаькам хийцина цигахь. ТIаьххьарниг Цечоев Ислам а дIаваьккхина оцу даржера. Официала бахьанаш- иза балха тIехь ларош ца хилар а, кегирхойн доьзьалшна гIонна Iедалша доькъуш долу ахчанаш цаьрга дIа ца кхачийтар а.

И хIума дийца а, цуьнах йист яьккха а, гулбинера, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека оцу комитетера белхахой а, царна арз деш болу бахархой а. Евкуров Юнус-Бекан моьттина а хира дацара, оцу даржхочо, шена хьалхахь, баьхкинчу нахаца дов доккхура ду аьлла. Цечоев Исламан, цо болх дика ца бина аьлла, дов дечу хенахь, кхайкхинчу бахархойх цхьаберш тIекхайкхина цунна.

Цу меттехь, собар а ца тоьина, министр тIе а кхетта летта царах цхьанах. Уьш дIасакъастийначулла тIехь, цу меттехь, Цечоев Ислам балхара вуохош омран кIела куьг таIийна мехка куьйгалхочо. Ала догIу, кхеташонехь летта волу Цечоев Ислам, дукха лаккхара, Оьрсийчохь шелла кхин лаккхара хила йиша йоцуш йолу МГИМО яьккхина ву. Амма, гарехь, дуьненаюккъера юкъметтигийн говзалла йолчу цунна, шен махкахь дIабийца мотт ца карийна, буй-тIарий бен.

ГIалгIайн махкахь, даржхой балха хIоттора а, уьш дIабахара а , политика, Евкуров Юнус-Бека дIахьош ерг, цхьанна тайпа, кхетамо тIеэца атта яц, боху цхьабочлу аналисташ. Политолог волчу Акиев Тимура, ишшта элира цуьнах.

Акиев Тимур: «Хала ду, мехка куьйгалхочуьнна Iедалхойн политиках лаьцна хIума ала. Соьгахь башха дукха хаамаш а бац оцу хьокъехь. даржхой дIабахарх а , дIахIитторах а, лаьцна комментарии ян атта дац. Ткъа, кегирхойн комитетан куьйгалхочуьнах аьлча, иза нийса ваьккхина ву аьлла хета суна. Иза летта, ша гIо дан дезачу стагах. Оцу хIуманна Iтехь, суна цхьа а хаттар гуш дац. Амма, кхечу хиламах аьлча, Iедалхойн политика, суна цхьа доккха хIетал-метал хьесапехь ду».

ГIалгIайн мехка куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, дIахьочу Iедалан белхахойн политиках цхьаберш кхеташ бацахь а, кхечара тидам бо, доьххьара дIа, даржхошкара оьшуш дерг, иза нийса валахь а, вацахь а, шен хьакамна муьтIахь хиларна. Ишшта хета масла, юккъаралхо волчу, ша а цхьана хенахь министрийн даржехь лаьттинчуц Манкиев Бамтгирин.

Манкиев Бамтгири: «Ас эра ду-кх хьоьга и политика муха ю: балхах кхеташ, говзанча а волуш а, стаг вац кхузахь хьалхатоттуш. Ламазий, вирдаший, туркхаший, тхамдаший бу. Цхьацца болу юьртдай набахтехь чохь баьхкина а бу хьуна. Туркх ву аьлла, балха дIахоттина а бу хьуна. Шай фамили а, цIе а, ден цIе а язъян а хууш нах а бац хьуна уьш. резолюции мичахь хIотто еза хууш нах а бац уьш. Кхиболу белхахой бела а боьлуш бу уьш. ХIуммаа ца хууш болу нах бу-кх дукхачу хьолехь дIахIиттош».

Дукха хан йоцуш ГIалгIайн махкахь дешначу нехан кхеташо дIаяхьара. Цигахь сацам бинера, ехна йолу йоI ядийначарна доккха гIуда тухура ду аьлла. И хIума, дукха ладаме ца хета, махкахь хуьлучу кхечу чолхенашна хьалхахь нахана. Цуьнах лаьцна, шена хетарг аьллера, махкахь а , дозаналла арахь а воьвзуш волчу Насыр-корта маьждиган имама Чумаков Хьамзата. Иза, новкъа деъна Iедалшна, цундела хIинца иза хьийзош ву боху Манкиев Бамтгирийс.

Манкиев Бамтгири: «Кхара конференции йинера Евкурован омрийца. Чумаковс аьлла: хIара бохам ма бац. Шена везачу стаге йоI маре яхна аьлла. Иза мехка бохам ма бац,мехка бохам бу, кхузара дIа а кхуьллуш, керста наха хьийза а беш, лар а йоцуш зудабераш довш хилар а, ишшта дIа а кхуьллуш, кегий нах бойуш хилар а. ЦУ гIуллакхан ян еза боху конференци».

Гуш йолу харцонаш бахьнехь, махкахь цхьа чолхалла эккхарна кхоьру Манкиев Бамтгири. Цунна шорта бахьанаш ду, царна терго еш а яц цхьаммо а, элира цо.

Манкиев Бамтгири: « Цхьа эккхар хира долуш, хьал ду махкахь. Вай кегий нах буй, I5 шара тIера 30 шаре кхаччалца,муфтиято дIахIоттийначу имамашна реза бац. Царах ца теша, уьш имамаш а ца хета, уьш бусулба а ца хета. Дална букъ берзийна нах бу уьш боху. Дика ма дац иза».


Цхьа бутт сов хан яьлча, гезмашийн беттан 8 дийнахь дIабахь безаш бу Оьрсийчохь цхьанатоьхна харжамаш. Оцу дийнахь ГIалгIайн махкахь а, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ишшта дуккха а кхечу мехкашкахь хоржура бу хьалхара куьйгалхой.ГIалгIайн махкахь, наха кхаж тосура бац,иза дийра долуш ду Парламенто. Оцу хIуманна, реза боцуш, шайгара харжа а, кхаж таса а йолу бакъо дIаяькхкина бохуш, йолуц ойланаш есташ ю гIалгIайн юккъараллехь.
XS
SM
MD
LG