ТIекхочийла долу линкаш

«Анжи» а, «Ростов» а футболан тобанийн фанаташ летта ХIинжа-гIалахь


«Ростов» тобан фанаташна ХIинжа-гIалахь динчу тIелатарца доьзна бехк-такхаман ши гIуллакх а, административан цхьа гIуллакх а долийна аьлла хаам бина, Дагестанан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин зорбан-сервисо.

Шоьтан буса «Анжи» а, «Ростов» а футболан тобанийн ловзар чекхдаьллачул тIаьхьа, «Анжин фанаташ тIелетта, «Ростов» тобан фанаташца дIаяха новкъа йолучу автобусана. Куьзган бIаьргаш дохийна. Ши сахьт даьлчий бен аьтто ца баьлла цу автобусан дIаяха. Дийцарехь, иттаннаш «Анжин» фанаташ лаьцна. ПIераскан дийнахь Оьрсийчура футболан премьер-лиган биалгIа мур болабелла. «Ростово» «Анжигара» толам баьккхина, цкъа буьрка а тоьхна.
XS
SM
MD
LG