ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийчоь: Хьехархойн хаарш талларан экзаменах чекх ца бовлабелла дукхах болу хьехархой


Гайтаран маьIнехь, дешаран чоь

Гайтаран маьIнехь, дешаран чоь

Хьехархойн хаарш талларан хIокху шеран жамIийн цхьа дакъа арахецна гуьржийн Дешаран министралло. Дукхах болчу хьехархойн хаарш дукха лахара хиларо сингаттам кхоьллина дешаран системица боьзна.

Дика кхаъ муьлханиг бу аьлча, вай буьззинчу барамехь тешна ду, хьехархоша шайн хаарш толлучу хенахь, шпаргалка олу, гIоьнан гIирсаш лелийна ца хиларх. Вуон кхаъ бу, Дешаран Министраллин хьалхарчу жамIашца а догIуш, Гуьржийчура дукхах болу хьехархой чекх ца бовлабелла хаарийн экзаменех.

Министралло дечу хьесапца, 86% хьехархошка математикан экзаменехь 100 процентах 60 процент ца яккахелла. 91% химин экзамен дIа ца ялаелла. Физика дика ца хаьа 96% хьехархошна. Юкъараллин Iилма дика ца девза 83%, биологин экзамен дIа ялалелла 77% хьехархошка.

Еккъа географи дIаялаелла дукхах болчарга. Эхал сов – 51% дIаялаелла цу Iилманехула йолу экзамен. ХIокху шарахь хиллачу экзаменашкахь дакъа лецира 26, 000 хьехархочо.

Инзаречу жамIаша вуно сиха бехкениг лахаран ловзар долийна. Гуьржийн президентан Саакашвили Михаилан Цхьааллин Къоман Боламан декъашхочо Ратиони Сергос элира Маршо радионан гуьржийн сервисе, 2012-чу шарахь Гуьржийчохь харжамаш хиллачул тIаьхьа Iедал дIаьлаьцначу гуьржийн премьер-министран Иванишвили Бидзинин Гуьржийн гIан коалицин политикан жамI ду гуш дерг.

Ратиани: «ХIокху тIаьхьарчу масех шарахь хьехархошка доьшуьйтуш, методика Iамош а гIиллакх дара. ХIокху шарахь иза ца дира. Гуьржийн гIан партино дукха къа хьийгира, харжамийн кампани йолчу хенахь цуьнан мах байбан гIерташ. Цундела цо кхоьллинера, экзамен хьалхарчу шерашкахь санна кхушара хала хир яц боху ойла.»

Амма дешаран системерчу говзанчаша бахарехь, и тайпа жамIаш хIумма керла дац.

Мосиашвили Тамар, Тбилисера Юкъараллин Кхиаман Институтера говзанча ю. ХIокху шарахь хьехархоша гайтинчу жамIашна гонаха оццул йоккха гIовгIа якхарна цецъяьлла ю иза. 2011-чу шарахь и тайпа экзаменаш юкъаяьхчхьана дуьйна дара цу тайппа жамIаш, элира цо.

Мосиашвили: «Со чIогIа цецъяьлла ю хIокху шарахь цу хаттарна сел дукха тIе тидам бахийтарна. ХIунда аьлча, изза жамIаш хIокху тIаьхьарчу кхаа шарахь хилла ду. Оцу кхаа шарахь 9895 хьехарочуьн бен аьтто ца баьлла сертификат схьаэца. Вайна ма тов и жамIаш дезар дац вайна. Амма иза цIена бакъдерг ду.»

Оцу экзаменан Iалашо ю хьехархочуьн хьеха кийча хиларан мах хадор а, хаарш лакхадахаран программина гIо дар а. Нагахь санна и экзамен дIа ца ялаеллехь, хьехархочуьнга кхин дIа хьоьхуьйтур дац бохург дац. Эххар а, цунна тIе а тевжина, хьехархойн сертификаташ даларан программа тIедилларан кепехь юкъаяккха дагахь ду Iедалш.

Схьагарехь, Дешаран Министраллин Экзаменийн Центр а ю ледарчу жамIаша саготта йина. Центран директоран когаметто Миндадзе Ивас бахарехь, хьехархошка экзаменаш ялийтарна тIе кIезиг тидам а бахийтина, хьехархойн хаарш лакхадахаран программа кхолла Iалашонца, еххачу ханна лерина гIулч яккха еза Iедалша.

Миндадзе: «Хьехархошна тIехьовсон деза Iедало шен ахчанаш. Хаарш лакхадохучу хенахь хьехархойн цхьана декъана гIо дина Iа дезаш дац Iедалш. Мелхуо а, хьехархочуьн болх лакхабаккхарна тIехьовсон деза уьш. Суна хетарехь, хир болу хьехархой Iамон Iалашонца дуккха а харжаш ян еза.»

Мосиашвили тIетов, хьехархойн хаарш лакхадахар, цхьана буса далур долу хIума дац бохучунна.

Мосиашвили: «Вай ойла ян еза, масала, и ахчанаш 60 шо кхаьчначу хьехархочуьн хаарш лакхадахарна тIехьовсон я, мелхуо а, вайн университетан программа тоярна а, хьехархой хилийта къона, хIайт-аьлла болу кегий нах тIеийзоран программина дайъа деза? Тахана вай оцу хаттаршна жоп лахь, 10 шо даьлча вайна жамIаш карор ду.»

Кхеташ ма-хиллара, карабогIучу Гезгмашин-баттахь бераш школе дахийта кечлучу дай-наношна хаза луу жоп дац хIара.
XS
SM
MD
LG