ТIекхочийла долу линкаш

Iедал карчо гIортарна кхелаш йина Туркойчохь


Велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхна суьдо Туркойн эскаран инарлан штабан куьйгалхо хилла волчу Башбуг Илькерана. Цу даржехь иза вара 2008-чу а, 2010-чу а шерашкахь. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, хьалхо цу кхело бехказа витира махкахь Iедал кхарчо гIоьртина аьлла жоьпе озийна хилла 21 стаг. Масийтта стаг бехке вина кхело. Царна хенаш кхайкхийна 20 шаре кхччалц.

Туркойчохь Iедал кхарчо дагахь хилла аьлла кхеле озийна ву 270 стаг. Царна юкъахь бу лаккхарчу даржашкахь хилла тIеман буьйранчаш а, юристаш а, Iилманчаш а, журналисташ а. Царна бехке диллинарг ду премьер-министран ЭрдохIан Реджепан Iедал карчо дагахь къайлаха йолу «Эргенекон» цIе йолу терроран организаци кхоллар.

Туркойн оппозицино дIакхайкхийна и процес «убарш лийцар» а, Iедалш шайна критика яр охьатаIо гIертар а ду аьлла.
XS
SM
MD
LG