ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн махкахошка Йеменера арабовлар дехна Вашингтоно


Терроран кхерам хилар бахьана долуш сихха Йеменера дIагIо аьлла, шайн махкахошна хьехар дина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Цул сов Вашингтно цу пачхьалкхера дIабуьгуш бу цхьаболу шайн цигарчу векалаллийн белхахой. Цу кепара информаци Iора яьккхина шен дIахьедарехь Iамеркан Пачхьалкхан департаменто.

Цул хьалха иттаннаш шайн векалаллаш дIачIаьгIна Цхьаьнатоьхначу Штаташа Гергарчу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а йолчу пачхьалкхашкахь. Британино а, Францино а, Германино а, Норвегино а дIачIаьгIна шайн цхьайолчу пачхьалкхашкахь йолу векалллаш.

Цхьамог1а зорбанан гIирсаш дийцарехь, и дипломатийн миссеш дIачIагIаран бахьана ду Ал-Кхайдин лидеро Завахири Аймана Йеменерчу тIемалошна делла долу омар гучудалар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG