ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь вийна мозгIар Адельгейм Павел


Талламан комитето бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина Псковехь православин мозгIар Адельгейм Павел вер бахьана долуш. Шен чохь, урс а диттина, вийна карийна отец Павел. Цунна кьугбехке хила мега аьлла лаьцна ву 27 шо долу Москох-гIалин вахархо. Цхьаболчу зорбанан гIирсаш дийцарехь, цуьнан цIе ю Пчелинцев Сергей.

И стаг хьошалгIахь хилла мозгIар волчехь. Полицино дIалоцуш иза мохь хьоькхуш хилла, мозгIар ве аьлла шена омар делларг иблис дара бохуш. Цо шозза урс тоьхна ша шена. Адельгейм гIарваьлла динан Iилманхо а, публицист а, советан зама йолуш диссидент а вара. ТIаьхьарчу хенахь иза критика еш вара Оьрсийн Православин килсана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG