ТIекхочийла долу линкаш

Алеппона уллехь тIеман авиабаза дIалаьцна Шеман оппозицин тобанаша


Алеппо-провинцехь Туркойчоьнан дозанна уллехь йолу «Маннах» олу авиабаза дIалаьцна Шинарин Iуьйранна Шемарчу гIаттамхойн ницкъаша. Британехь туп тоьхна болчу Шемарчу бакъонашларъярхоша дийцарехь, иза хилла 24 сохьтехь тIом хиллачул тIаьхьа.

Стохка дуьйна и база Асадан эскаршкара схьаяккха гIераш яра оппозицин тобанаш. «Маннах» базах бовлар доккха тохар ду аьлла хета говзанчашна Шеман Армина дина долу. Цу кепара Асадан эскаран карара яьлла Шеман къилбаседехьа йолу мехала меттиг.

Президентан Асад Башаран муьтIахь долчу эскарша дукха хан йоцуш цхьамогIа толамаш бехира Димашкъехь а, ХIомсехь а, Алеппон цхьайолчу кIошташкахь а.
XS
SM
MD
LG