ТIекхочийла долу линкаш

Полша: Iедалийн гIоьнца бен ца яьржа расизм


Полша - Белосток-гIалин юкъ, Килса (Białystok), 24ГIа2012

Полша - Белосток-гIалин юкъ, Килса (Białystok), 24ГIа2012

Цкъа мацах дуккха а къаьмнаш цхьаьний даьхначу Полшера Белосток-гIалина гина нацисташа жуьгтий бойъуш. ХIинца цу галахь гуллуш бу тхов-кIело лоьхуш болу мухIажарш. Лач делахь а, тоьшаллаш ду, гIалин Iедало гIо а деш, царна тIехь националисташа ницкъ латторна.

Полшин къилбаседа-малхбалечу гIалин прокуроро дукха хан йоццуш бехк вандалашна тIера дIабаькххинера, цара йиллина йолу свастика Азера «аьттонан билгалонал» сов даьлла хIума дацара, аьлла.

Розсковски Давида бахарехь Белостокехь бехачу славянийн цхьа процент бен ца кхочучу, тхов-кIело лоьхучу нахана дуьхьала яьккхина ю и свастика а, царна тIехь ницкъ латтор а.

Шо доладелчхьана дуьйна динчу тIелатаршна юкъахь ду Iаьржа аматахь волчу радио а, телевизонан а программаш дIахьучу модераторна а, полшин а, индин а къомах долчу зудчунний-майрачунний, масех нохчийн доьзална а динарш. Ерриг гIалахь свастикаш ехкина вандалаш. Цу декъехь ю историн маьIна долу жуьгтийн гIишлош а.

Жигархой а бу цунна тIе тидам озош. Цара бахарехь, 300 000 стаг вехачу гIалахь хуьлуш дерг, меттигера, хьал долчу футболан клубаца, мел лаххара а, лач-уьйраш йолуш ду. Полшехь ультра-аьттониш къобалбаран хьалхара билгало кхоллалуш ю.

Меттигерчу Трзы Ржече (Trzy Rzecze) театран директор а, меттигера юкъараллин организатор а волчу Дулковски Конрада дуьйцу.


Белосток - Дулковски Конрад, Трзы Ржече (Trzy Rzecze) театран директор а, меттигера юкъараллин организатор а

Белосток - Дулковски Конрад, Трзы Ржече (Trzy Rzecze) театран директор а, меттигера юкъараллин организатор а

Дулковски: «Тхуна хетарехь, пенашна тIехь (фашистийн) симболаш юьтуш басарш деттар, берийн бешахь боьмаша басахь коч лелор санна хIума ду. Ахьа сихонца и тобанаш совца ца йой, цара зуламе организацеш хуьлу.»

Нагахь санна вандализм берийн бешана елахь, Хьумидана дуьхьала кхеттарш, дешна бевлларш университеташ яьхна, 24 шераш кхаьчнарш бу.

Нохчийчура Европе тхов-кIело еха веанчу Хьумидан шуьйраш белаш тIехь, жимма месаш лилха йовла юьйлаелла горга корта бу. Бусулба динца а догIуш, лелош еха цIен маж ю цуьнан.

Оханан беттан цхьана буса цхьаммо церан петаран неIарна кIел пропанах терра молха а даржийна, цIе тесна. КIуран хьожа а еана, самаяьллачу нанас ша болу доьзал – Хьумидан хIусамнана, ваша, шиъ бер а – самабаьккхина, кхерамазе долче дIабигина.

Хьумида полици кхайкхинчул тIаьхьа, цо дийцарехь, хиллачу зене а хьаьжна, Iуьйранна телефон тоха, мах луш Iачу хIусаман дена тIе ма-кхеччина, аьлла полицино.

Меттигерчу зорбан-гIирсаша цунах лаьцна дийца долийча бен ца болийна полицино таллам.

Хьумид: Шуна бакъдерг дезахь, оцу буса дуьйна дуьйшуш дац тхо. ХIора буса мелларш, скинхедаш дуьхьала беттало тхуна учахь. И саннарг кхин цкъа а хир ду аьлла тхуна.»


Полша, Белосток - Нохчийчура Европе тхов-кIело еха вахана волу Хьумид Маршо радиоца цхьанакхеттера гIалин юккъехь

Полша, Белосток - Нохчийчура Европе тхов-кIело еха вахана волу Хьумид Маршо радиоца цхьанакхеттера гIалин юккъехь

Диъ шо хьалха Нохчийчура араваьлла ву Хьумид. Цо дийцарехь, меттигерчу Iедалца цуьнан вешин цхьа дов даьллачул тIаьхьа, доьзална тIебазбелла кхерам бахьанехь арабевлла бу уьш.

Дукха хан йоццуш, полшхойн кхиазхойн тобано сийсаза къамелаш деш, маьхьарий диттинера, яахIума эцна, туьканара вогIуш хиллачу цунна а, цуьнан нанна а. Автобусан чохь скинхедаш шен вешина тIелеттачу хенахь, автобус лелорхочо цхьа хIума ца динера, и нах совцон, бохуш дийцира Хьумида.

ШолгIа Дуьненан тIеман заманал хьалхарчу Белостокехь Хьумид гIалин майданехь Маршо радиоца цхьанакхетарх цец вала меттиг яц. 60 процент жуьгтех лаьтташ ю гIала. Цигахь бехаш бу полшхой, немцой, гIезалой, беларусаш а.

Немцоша гIала дIалаьцначу 19441-чу шарахь гетто йинера, цигахь жуьгтий латтон. 1943-чу шарахь гIаттам айъинашехь, жуьгтий хIаллакьбира. ТIаьххьара динчу хьесапо гайтина гIала 97% полякех лаьтташ хилар. Кхин а 2% беларусех лаьтташ ю.

2002-чу шеран официала статистико бахарехь, славянаш доцчу, кхечу къамьнех - цыганаш, кхин болу, тхов-кIело лоьхуш болу векалш бIеннашкахь бу. ТIаьхьарчу пхийттех шарахь Полшеехь тхов-кIело еха боьлхучу нохчаша а лакхадаьккхина, славянаш боцчу нехан терахь.

Белостокехь царна деш долу тIелатарш емалдина Полшин премьер-министро Туск Доналда а. Меттигера Iедалш доьхнера, Полшин Чоьхьарчу ГIуллакхийн министро Сенкевич Бартоломейс ша цу гIалахь хиллачул тIаьхьа варе деш дIахьедар дича.

Оханан-баттахь Варшавехь керла жуьгтийн музей схьайоьллуш вистхиллачу Туска аьттехьа тIе ца йитира полшхойн фанатизм. Скинхедашца къийсам латтор хьалхара а, коьрта а Iалашонашна юкъахь хир ю, элира цо.

Амма расизман буха тIехь деш долу тIелетарш ца севцира Белостокехь. Never Again олучу Варшавера фашисташна дуьхьал йолчу организацино динчу хьесапца 600 Iотта-баккхам хилла ксенофобин буха тIехь. 2011-гIий, 2012-гIий шерашкахь и терахь 40 % лекха ду цул а хьалхарчу шина шарахь хиллачул а.

Пурски Яцек йозуш йоцчу организацера аналист ву. Цо дийцарехь, ультра-аьтто агIора болчарна хаамийн гIирсашкахь елла платформа ю церан идеологи яржайойтуш. Пачхьалкх Йозуш ца хиларан де, ма-дарра аьлча, националисташа шайн маршаш дIахьуш билгалдоккху. Иза шуьйра дийцаре деш ду хаамийн гIирсашкахь. Аьтточеран лидерш лоруш йолчу телевизионан программашка кхойкху.

Полшин аьтто агIорчу партийн юкъараллехь болчу лараман проценташ лахара елахь а, церна лидерша бахарехь, церан йоккха деган йовхо гIаттийна Европан кхечу пачхьалкхашкара харжамашкахь – Венгрехь Йоббика а, Грецехь Дашо Сахилар а бохучу тобанаша – гайтинчу кхиамаша.


Полша, Белосток - жуьгташна дуьхьал йиллина граффити

Полша, Белосток - жуьгташна дуьхьал йиллина граффити

Пурскис бахарехь, меттигерчу тIегIанехь футболан клубаш ю экстремисташна ахча гулдеш йолу коьрта организацеш.

Пурски: «Фанатийн културин а, фанатийн боламийн а, фанатийн ассоциацин а буха тIехь цу кепара кхуллучу структураша хаза нехан санна аьттонаш кхулу. ХIунда аьлча, Полшин мел йолчу йоккхачу гIалахь нах хуьлу хьан. Уьш гуттар кийча бу тIехь кхайкхамаш болу кехаташ дIасалетон а, кхаьжнаш тасан а. Иштта, кхечу харжамийн кампанийн митингашка а боьлхуш, церан аьзнаш гулдан а.»

Скинхедийн тобанех лаьцна Белостокехь дечу къамелаша нийсса меттигерчу Ягеллония футболан командина а, цуьнан «ултра-аьтточу» «Белостокан бераш» клубана а тIевуьгур ву. Жигархоша бахарехь, клубан гIо-накъосталлин гIуллакхаш а, ур-атталла, цуьнан цIе а ю скинхедийн хулиганизм яржор къайлайохуьйтуш.

Гезгмашин баттахь клуб цхьана ханна йихкинера цо, оццу клубан декъашхочунна, Нигерера футболах ловзархочунна эвхьаза маьхьарий деттарна. Клубан декъашхой юкъ-кара суьрташ тIехь нисло, цара расисман а, ксенофобин а йозанаш тIехь долу тIелаташ лестош.

Ягеллониян гIант-да Белосток мэран Трусколаски Тадеушан стунваша ву. Меттигерчу цхьана стоьлан дас, шен кхерамазаллина сагтадеш дийцира, шен цIе ца яккхар а доьхуш, гIалин лаккхара урхалла а, футболан тоба а, цуьнан фан клуб а цхьаний бертахь болх беш ю вовше ахчанца а, политикехь а гIо а деш, бохуш.

Товбецан баттахь гIалано $ 500 000 ахча делира, церан ловзуш тIудухучу духарна тIехь логотип лелорна. Меттигерчу Iедалша царна дечу гIоьнан тIаьххьарчех долу ахчанан гIо ду иза.

Полшехь арадолучу "Newsweek" газето Мангал-баттахь таллам рапорт арахийцира, «Белостокан берашкара» оццул ницкъ бар даьллашехь, уьш цхьа тамашийна атта кIелхьарбовлара таIзарх, цу хиламанна ерриг пачхьалкхан тидам тIебаххалц.

Прокуратурин хьесапехь, расистийн зуламашца доьзна 70% гIуллакхаш ца толлуш, дIакъевлинера. Делахь а, ган а гуш, гIалахь цхьацца гIулчаш яха йолийна расизмана доьхьал.

Меттигерчу жигархочо Дулковскийс дIахьедар дина, прокуратуро цIеххьана масех гIуллакххула таллам болийна. Цу юкъахь ду, свастика – Азера «аьттонан симбол» ю аьлла, дIакъевлина хиларг а. Мангал-баттахь гIалин кхеташоно $ 33 000 доллар барамехь ахча охьаддиллина собаре хиларна гIортор ян. Ягеллония векало дош делла, футболан ловзарш долчу хенахь расистийн билгалонаш хаалахь, цунна дуьхьал гIулчаш йохур командано, аьлла.

ХIетте а, «Белостокан бераш», схьагарехь, футболан тобанца уллера уьйраш йолуш ду. Дуккхаза а къамеле кхайкхарх, цара тIе ца дитира иза.

Клубо дечу дIахьедарца, ши агIо дукха хан йоццуш цхьанакхеттера «диллина хилар а, мелла шуьйра цхьанаболх чIагIбар а» дийца.

Футболан аренна генахь, неIарх цIе тесна хиллачу волчу нохчочо шена дIаваха лаьа боху цигара, амма иза ца вахало.
XS
SM
MD
LG