ТIекхочийла долу линкаш

Москох Путинца цхьаьнакхета дагахь вац Обама


Петарбухехь Гезгмашин-бутт болалуш хир йолчу G-20 олучу пачхьалкхийн тобанан саммитехь Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхета дагахь вац Iамеркан президент Обама Барак. Цуьнах лаьцна хаам бина Associated Press хаамийн агенталло. Цо дийцарехь, цу тайпа хийцамаш бина Обамин планашкахь Оьрсийчоьно Сноуден Эдвардана политикан тховкъело ялар бахьана долуш.

И стаг шпионаж лелорна бехке веш ву Цхьанатоьхначу Штаташа. ШолгIа делахь, Iамерка реза яц цхьамогIа Оьрсийчоьно тIаьхьарчу хенахь йохучу гIулчашна. Цу юкъахь ду адамийн бакъонаш йохор а.

Цуьнца цхьана Къайн ЦIийно тIечIагIдина Обамас Петарбухерчу саммитехь дакъалоцур хилар.
XS
SM
MD
LG