ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иттаннаш гIаттамхой байина Шемахь


Шемахь президентана Асад Башарана дуьхьал лаьтташ волу 60 сов гIаттамхо вийна Кхаарин Iуьйранна. Цуьнах лацна хаам бина Британехь туп тоьхна болчу Шемарчу бакъонашларъярхоша. Цара дийцарехь, Адра олучу гIалан йистехь гIаттамхошна къело йина хилла эскархоша.

Байинчарна юкъахь дуккха а кхиазхой бу бохуш чIагIдо гIаттамхошна тIехIиттина болчу бакъонашларъярхоша. Шеман SANA олучу пачхаьлкхан хаамийн агенталло бинчу хаамца, байинарш бу «Ан Нусран фронт» цIе йолчу Ал-Кхайдица йоьзначу тобан декъашхой.

Луьра герзаш деттар хилла Кхаарин дийнахь Алеппо-гIалахь а. Цхьа де хьалха гIаттамхоша Алеппо-провинцехь дIалаьцна «Маннах» олуш йолу тIеман авиабаза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG