ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лай санна бацош хилла Москох мигранташ


Москох лаьцна полицин декъан ши куьйгалхо а, Оьрсийчоьнан Федералан миграцин сервисан белхахо а. Уьш бехке беш бу коррупци лелорна а, шаьш беш болчу балхана ямарт хиларна а. Цуьнах лаьцна хаам бина Москох полицин векалша.

Цу наха къайлах мигранташ а балош, къайлах йолчу меттигашкахь уьш лай санна бацош хилла. Кхаарин дийнахь Москох «Садовод» олучу базарахь полицино лаьцна 1000 сов стаг. И нах вочу хьелашкахь латтош бу Оьрсийчоьнан Iедалша лерринчу четаргIалахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG