ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждигера нах лецна полицино Буйнакскехь


Дагестанехь Буйнакс-гIаларчу цхьана маьждигехь ткъех стаг лаьцна полицино Кхаарийн Iуьйранна. Тешаша дийцарехь, полицин белхахой, ирх герзаш а детташ, чулилхина цу маьждигана Iуьйкъина ламаз дан цига баьхкина нах а болуш. Дагестанан Iедалша и маьждиг вахIабхой ду олуш ду.

«Кавказский узел» агенталло бинчу хаамца, цу маьждигана уллехь хьалха а лецна хилла полицино бусулба нах, цхьацца бахьанаш а лоьхуш. Дагестанехь салафи олу бусулба динан башхалла лелор дихкина ду. Цу республикехь тIеэцна низам ду «Ваххабизм а, кхин йолу экстремизм а лелорна духьал» аьлла цIе а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG