ТIекхочийла долу линкаш

Иттаннаш полисхой байина Iожалхочо Пакистанехь


Лаххара а 38 стаг вийна Пакистанехь Кветта олучу гIалахь, ондда эккхийтар а дина. 50 сов стаг чевнаш йина ву. Меттигерчу полицин векло бинчу хаамца, царах дукхах берш полицин белхахой бу. Еарин Iуьйранна вийна волу Кветта-гIаларчу полицин белхахо дIавуллуш бомба эккхийтина Iожалхочо.

И тIелатар дар шена тIеэцна цхьа а тоба яц. Кветта Белуджистан-провинцин коьрта гIала ю. Цигахь Iедалшна дуьхьал лаьтташ бу тайп-тайпанчу тIеман тобанийн декъашхой, шайна юкъахь тIалибаш а, меттигера сепаратисташ а болуш.
XS
SM
MD
LG