ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан омбудсмено лоьрийн гIо даре кхайкхина Iедалш лецначу мигранташна


Москох мигрантийн лагерехь цомгуш хилла 20 гергга стаг. Цунах лаьцна «Интерфаксе» хаам бина Оьрсийчоьнан омбудсмено Лукин Владимира. Цо дийцарехь, цу нахана сихха лоьрийн гIо оьшуш ду. Царна кхеттарг билггала хIун цамгар ю хууш дац. Лукин дийцарехь, мигранташ латточу Гольяново олучу меттехь дуккха а проблемаш ю дахаран хьелашца йоьзна.

Карарчу хенахь цу меттехь латтош ву 580 стаг. Царах 560 стаг вьетнамхо ву. Оьрсийчоьнан омбудсменана хетарехь, бакъо а йоцуш, Оьрсийчу баьхкина нах латто лагерш яро миграцица йоьзна проблема дIайоккхур яц. Мигранташ латтон лагер кхоьллина Москох баханчу баттахь, цу гIаларчу базаршкахь полицино рейдаш йинчул тIаьхьа.
XS
SM
MD
LG