ТIекхочийла долу линкаш

Баталов Апти: ФСБ-но нохчий Норд-Осте бига кечбеш гина суна. (Эфиран 1-ра дакъа)


Нохчийчоь -- Ичкерин Эскаран штабан коьрта буьйранча Баталов Апти дийцаршкахь ву оьрсийн эпсарца, 31Деч1996

Нохчийчоь -- Ичкерин Эскаран штабан коьрта буьйранча Баталов Апти дийцаршкахь ву оьрсийн эпсарца, 31Деч1996

Шегара юьйлучу къизаллица а, мекарлонаш лелон массарначул дика хаарца а дуьнентΙехь къаьсташ йолу Оьрсийчоьнан кхерамзаллин урхалла – ФСБ – Ιехийначу, оцу бахьанийца ша цуьнга вен ца воьйтуш, цуьнан багара ваьллачу нохчочух лаьцна ду хIара дийцар.




Вовшех вуно чогΙа къаьсташ нисбелира Нохчийчуьра ши тΙом. Адамаш хΙаллакдеш, ша хьалхара тΙом дΙахьош, Кремль кхоаелла яцахь а, мелла а дуьненах ийзалуш санна гора. Дуьненаюкъарчу тергамхойн гΙеххьачул аьтто болура лела Ιазап тергоне эца. Журналистийн кайолура, махка а баьхкина, харцонийн тешаш хΙитта.

Цундела юкъ-кара хезара Европерчу пачхьалкхийн дайн, дипломатийн, мел кΙеда, гΙийла хиллехь а, резадацаран протесташ. ТΙеман низамаш – нагахь санна уьш хуьлуш делахь - дуккхаъчу тешнабехкашца лардахь а, цхьана декъанна лардора.

Ткъа шолгΙачу тΙамехь лелларг еккъа цхьа харцой, къизаллий, китарлонашший бен яцара. Дерриг а дуьненна чукхача некъаш а бихкина, шашаха а яьккхина, хΙаллакйира Нохчийчоь – Нохчийн Республика Ичкери.

ШолгΙачу тΙамехь кΙеззиг а ца оьцура тергоне муьлха нохчо вен тарло, муьлхарниг ца вийча долу – хΙаллакван кхачош вара муьлхха а. Адамна дикачу агΙор доьрзуш ларалора, нагахь санна иза лаца а лаьцна, кхел-бахьанах чекх а ваьккхина, вуьйш велахь. Ткъа эзарнаш нохчий, оьрсийн кара а кхаьчна, белла, байна докъаза.

Дуьххьара федералан ницкъийн каракхаьчначех бара, цара кхелах чекхбоху кеп а еш, набахтехь байина нохчийн баьччанаш, инарлаш – парламентан спикер Алихаджиев Руслан, Ичкерин кхерамзаллин министр Атгериев Турпал-Ιела, «Дудаев ДжовхΙаран Эскаран» буьйранча Радуев Салман, кхиберш.

Ишттачийн могΙара а ваьккхина, оьрсаша доьза вайъина хила "догΙура" 2000-гΙа шо доьдуш, цхьана дийнахь АтагIа боьдучу новкъахь цΙеххьашха ФСБ-но лаьцначу инарлана, хΙетахь Масхадов Асланан администрацин куьйгалхо лаьттинчу Баталов Аптина а.

Амма Аптис Ιехийра хΙилланаш лелон бΙешерашкахь ΙаΙийна зеделларг долу ФСБ.

Лацарцана, вадийна, Москох дΙавигира Ичкерин инарла федералаша. Ша дΙакхачийна меттиг а, цигахь шеца лелларг а иштта дагалоьцу Баталов Аптис ша.




ФСБ-н лаккхарчу куьйгалхоша, къайлахчу петарахь Баталов Апти, лен а веш, кхобучу юкъанна Москох иза лаха веъначу цуьнан шичина Русланна (Гилани олура цунах гергарчара) тешнабехк бира. Иза доьза вайъира. Йийра цуьнца иза Апти лаха ша цаваийтархьама Москох еъна цхьа зуда а.

Цхьа дика доцуш вон а ца догΙу – иштта кхоьллина Дала хΙара дуьне. Ша лаха араваьллачу шичас, ФСБ-нера дала тарло уггаре доккха зулам шена тΙе а оьцуш, ша къацахетарша верах хьалхаваьккхина лору Баталов Аптис. Вайна шича Руслан (Гилани) бахьанехь цуьнан аьтто белира, ФСБ-н телефонах пайда а оьцуш, Москохарчу тележурналисташка шена орца деха.

Иштта Ιораделира Баталов Апти ФСБ-но шен къайлахчу петарахь кхобуш вуйла. Хиллачо эгΙийна баккхий чекисташ Баталов дΙахоьцу кеп хΙоттон буьйлабелира. Эххара а Нохчийчу, шен цΙа, Новр-ГΙала кхачийра иза. ЦΙакхаьчча Аптис шен ма-хуьллу лийхира ша бахьанехь вайна шен шича Руслан. Амма тер-мера дацара ФСБ-но дина зе. Нохчий а бара оцу зуламна юкъахьарчийна. Масала, эвтархочо Дениев Адама 17 эзар доллар дийхира, ша Гилани схьалоху кеп а хIиттош.

Дог дилла ца хΙоьттинехь а, шича шена каравойла доцийла кхета вуьйлира Апти эххара а. Оцу юкъанна цуьнан хΙакхавала дийзира ФСБ-но кечдечу кхин а цхьана доккхачу зуламах.

2002-чу шеран бΙаьсте. Ах шо дара Москох Норд-Ост театр лаца Ичкерин тΙеман бΙаьхочун Бараев Мовсаран тоба яха дуьсуш. Цунна кечамаш беш яра ФСБ. Баталов Апти теш ву театрера бохам билггал ФСБ-но кечбина а, кхочушбина а хиларан.



РогΙерчу шен зуламна кечлучу ФСБ-но шена ваха йиллина хан яцъеш юйла кхийтира Ичкерин президентан тΙеман хьехамча Ιийна инарла Баталов. Эццахь сацам бира цо махках а, оьрсийн Ιедалан аьлларг лелачу пачхьалкхах а къайлавала.

...Оха юкъахдоккху Баталов Аптис кийталонан говзанча ларалуш йолчу ФСБ-н лаккхара хьаькамаш а Ιехош, шена Дала яхйинчу хене валарх лаьцна долу хΙара дийцар. Ткъа шуна довзийта хан ца тоьаш бухадитинарг Маршо Радионо довзуьйтур ду тΙаьхо.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG