ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко шен ойла хийцаре ладоьгIуш ю Кремл


Президент Обама Барак визитаца Оьрсийчу вахарх лаьцна долу хаттар Iамерко юха а меттах даккхаре сатесна ю Кремл. Оьрсийчоьнан президентан гIонча волчу Ушаков Юрийс динчу дIахьедарца, Москох кийча ю Iамеркица массо а агIор диалог йоло. КIайн ЦIийно кху кIиранах дIахьедар дина, Обамас сацам бина кху беттан Гезгмашин-баттахь шен Москох хила езаш йолу визит тIаьхьататта аьлла.

Иза доьзна ду Iамерко шайн пачхьалкхан къайленаш Iора яхарна лоьхуш волчу Сноуден Эдвардана Оьрсийчоьно политикан тховкъело яларца. Кхечу бахьанашна юкъахь ду герзашна тIехь контрол латторехь кхиам ца хилар а, йохка-эцаран юкъаметтигашца боьзна цакхетамаш хилар а, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш йохош хилар а.

Еарин дийнахь Къайн ЦIийнан зорбан-секретаро Карни Джейс хаам бира, Iамеркан президент Обама Барак дагахь вац Оьрсийчоьнан президентаца цхьаьнакхета аьлла.
XS
SM
MD
LG