ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн ши кеманхо лачкъийна Либанехь


Turkish Airlines цIе йолчу туркойн авиакомпанин ши кеманхо лачкъийна Либанехь. Герзаца хиллачу наха тIелатар дина аэропортера, некъахой а эцна, арайолуш хиллачу автобусна.

Царна юкъахь хилла туркойн экипаж. Ши пилот дIавигина, кхин болу некъахой эшам ца хуьлуш бисина. И тIелатар ша дина аьлла цкъачунна билгаляьлла яц цхьа а тоба.

Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло а, туркойн авиакомпанино а хаам бина, пилоташ маьрша бахар Iалашонца Либанан Iедалшца зIе латтош ду шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG