ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан герз дIадаккхаре кхайкхина зарратан тIелатар лайначу Нагасаки-гIалан мэро


68 шо кхаьчна Японин Нагасаки-гIалана тIехула зарратан бомба эккхийтина. И бахьана долуш леррина вист хиллачу цу гIалин мэро Тауэ Томихисас кхайкхам бина Японин Iедалшка, глобалан кепара зарратан герз дIадаккхарехь къахьегар эвсара даккха аьлла.

Мэро иштта кхайкхам бина Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а президенташка Обама Бараке а, Путин Владимире а шина пачхьалкхан зарратан арсеналийн терахь лахдахьара аьлла. 1945-чу шарахь Марсхьокху-беттан 6-чу а, 9-чу а деношкахь Хиросимана а, Нагасакина а х1оранна а тIе цхьацца зарратан бомба кхоьссира Iамеркан кемано. И бахьана долуш Хиросимехь вийра 140 эзар стаг, Нагасакехь – 70 эзар стаг.

ПIераскан-дийнахь Нагасакехь хиллачу церемонехь дакъалоцуш вара 6 эзар гергга стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG