ТIекхочийла долу линкаш

Кеманаша бомбанаш тоьхна 20 стаг вийна Шемахь


Шемахь, латакия-провинцехь кеманаша бомбанаш а тоьхна, вийна лаххара а 20 стаг. Шеман адамийн бакъонашларъярхойн центро бинчу хаамца, Шоьтан буса кеманаша тохарш дина Салма олучу гIалахь. Асад Башаран эскарша шайн куьйгакъел латтош ю мехкан юккъехь а, къилбехь а йолу территори.

ГIаттамхойн тобанаша дIалаьцна ю къилбаседехьа а, Туркойчоьнан дозанца а йолу кIошташ а, Ефрат хица йолу меттигаш а. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино далочу терахьашца, тIаьхьарчу 28 баттахь Шемахь вийна 100 эзар сов стаг. 1 миллион 700 эзар стаг махках ваьлла. Уьш коьртачу декъанна дIатарбелла луларчу пачхьалкхашкахь.

ПIераскан дийнахь Iамеркан Пачхьалкхан секретарца Керри Джонца дагадовларш хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс элира, Шемара конфликт дIаерзор Iалашонца Женевехь машаран дийцарш юха дIадоло деза аьлла хеташ ю ши а агIо аьлла.
XS
SM
MD
LG