ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко схьайоьллуш ю шен векалаллаш


Даханчу КIирандийнахь Гергарчу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а шаьш 18 пачхьалкхехь дIакъевлина йолу шайн векалаллаш юха схьаелла сацам бина Iамерки Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Уьш дIакъовларан бахьана дара терроран тIелетарш дарна кхерам хилар.

Iамеркан Пачхьалкхен департаменто бинчу хаамца, Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалаллаш а, консульствош а болх бан йолалур ю КIирандийнахь а, Оршотан дийнахь а. ДIакъевлина юсур ю Iамеркан Йеменера векалалла. Цигара дIабигина Iамеркан дипломаташ.

Пачхьалкхан депатаменто иштта хаам бина, цхьана ханна къевлина юсур ю шайн Пакистанерчу Лахор-гIалахь йолу консульство аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG