ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Италин бердан йистехь Iожалла карийна Афикерчу бахархошна


Сицили-гIарен бердан йистехь велла 6 стаг карийна Италин полицина. Уьш бу гIоле дахаран хьелаш лаха махкахбевлла хилла Африкера бахархой. Италин орцаллан тобанан аьтто баьлла и нах тIехь хиллачу хIурдан кеман тIера масийтта стаг къелхьара ваккха.

Италин зорбанан гIирсаша дийцарехь, мухIажарийн кема доьхна бердана 15 метр генахь. Амма цхьаболу нах хи чу эгна. Уьш белла нека дан ца хаарна. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино далочу терахьашца, кху шеран хьалхарчу 6 баттахь къайлах Итале веана 7800 мухIажир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG