ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муфти кхерийна кехато



Пятигорск-гΙалин прокуратуре а, полице а, шен дахар кхерама кΙел ду, шена ша ларван полицин белхахой тΙехΙиттабахьара, аьлла, дехна Ставропол-мехкан муфтис Рахимов Мухьаммада. Цо бинчу хаамца, кхерамаш туьйсуш кехат дахьийтина цуьнга бевзаш боцчара. Кехата чохь карийна муфтин суьрта юкъахьарчийна автоматан патарма. Оцу хьокъехь таллам дΙахьош ду Пятигорскера Ιедал. Лурчаха мехкан губернатора иза Ιалашвеш Ιедалан машен а, ха а деллера Рахимовга, хΙинца цо шена юха а доьху и тайпа ха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG