ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъахIирера гулам бохон гIерта полици



КъахΙирера «Бусулба Вежарий» боламан декъашхойн гулам бохош, бΙаьргех хидоккху газ яржийна Мисарарчу полицино. Вохийначу президентан Мурсин маситта эзар агΙончаш карчамехьа болчу бахархоша маьхьаршца а, тΙулгаш кхийсарца а шайна ечу дуьхьалонца бахара Министрийн цΙенна герга. И ши тоба вовшахкъастош пайда эцна полицино газах, хаам бо меттигерчу прессано.

КъахΙиран шина майданахь лаьтта Мурси Мухьаммад президентан дарже юхавоьхучу нехан гуламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG