ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чохь лелорхо воцу кеманаш низаме даха деза



Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Инарла секретара Ги Мун Пана дуьненаюкъарчу низамашна буха дало деза чохь лелош стагга а воцуш нах байъа пачхьалкхаша стигала доху кеманаш, аьлла дΙахьедина. Иза цо элира ша шина денна вахначу Пакистанехь, Исламабадерчу университетехь.

Оцу кеманийн дуьйлучу гΙалаташца маьрша адамаш хΙаллакдар харцо лору Ги Муна. Ιамерко ал-Къаидан а, тΙалибийн а ницкъаш хΙаллакбечу бахьанийца юкъ-кара стигал доху и тайпа кеманаш Пакистанан ОвхΙанистанца лаьттачу дозанехь. Ткъа Исламабадо иза шен суверенитет йохош хΙума лору.

Пакистанний, луларчу Хιиндойчоьнанний юкъаметтигаш ийгΙинчу муьрехь нисделла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин лидер Исламабаде кхачар. Гималай-лаьмнашца лаьтта дозанаш къуьйсуш бу шина мехкан ницкъаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG