ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинан латтанаш тIехь шена гIишлош яхка гIерта Израил



Малхбалерчу Къуддусехь, палестинахойн лаьтта тΙехь шена 900 цΙа догΙа дагахь ю Израил, хаам бина оцу мехкан векалша. Гило олучу меттигехь хΙусамаш ян Ιалашо ю Израилан, даре дина цуьнан чоьхьарчу гΙуллакхийн министраллин пресс-секретара Орбах Эфрата а.

Оцу юкъанна, палестинахойнний, жуьгтийнний дов луьстуш дийцарш доладала деза кхаарий дийнахь Вашингтоно дакъа а лоцуш. Цуьнца доьзна КΙайчу ЦΙийнан векалша дехар дина палестинахошка израилхоша дина дΙахьедарш цкъачунна тергоне ма эцахьара аьлла.

Кхул хьалха долийна бертан дийцарш а хедира 2010-чу шарахь, Израило Палестинан лаьттанаш тΙехь шен бахархошна гΙишлош ен мур гΙаттийча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG