ТIекхочийла долу линкаш

Орцано къарйина харцо


Оьрсийчоь - Урень-гIала, Нижний Новгород-мохк, 20Тов2013.

Оьрсийчоь - Урень-гIала, Нижний Новгород-мохк, 20Тов2013.

Маршо Радионо кхо кΙира хьалха орца дийхира бакъоларъярхошка а, Нижний Новгородерчу нохчийн векалте а, цигарчу ФСБ-но а, полицино а оцу мехкан Урен-гΙалахь къахьоьгучу нохчашка цΙехьа юм е аларца доьзна. Къаьмнашца гома долчу Ιедалийн юхадаккха дезна шаьш дан леринарг.




Iедалдайша дуьйцург мухха делахь а, Нохчийчохь белхан меттигаш елахь а, яцахь а Iаламат дика хаьа кхузахь бехаш болучарна. И болх цахилар бахьнехь, шаьш лан еза халонаш кхета а еш, бIаьсте тIеярций, эзарнашкахь вайнах махках бовлу, Оьрсийчохь белхан меттигаш а карийна, доьзалан аьтто бан Iалашонца.

Ткъа лан еза халонаш ю, уггар хьалха Iеделехь болучара а, полисхоша а беш болу тIеIаткъам: балхах юкъара а бохуш, зераш до шаьш бохуш, тIакхайкхар а. шайн урхалле дIабигар а, даьлла хIумма а доццушехь, куьйган ларш яхар биста кхаччалц. Доцца аьлча, кегийчу къаьмнийн векалш, къаьсттина нохчий сийсазбеш, хьийзош бу Оьрсийчохь уьш кхечу пачхьалкхера тIебаьхкина нах болуш санна.

Цу хьокъехь,кIоршаме,юьхьйоцуш адамийн бакъонаш талхорах дуьйцуш, дуккха а масалш далош Нухажиев Нурдис кехат хьажийна Москох, Оьрсийчоьнан президент волчохь, юкъаралла кхиоран а, бакъонашларьяран а кхеташонан коьртехь волчу Федотовга.

«Пачхьалкхан хIума гал ца далийта а, цуьнан кхерамазалла шеконе ца йиллийта а,- боху шен кехатехь Нухажиевс,- уггар хьалха Iедалехь болучара: гIуллакххоша а, низамхоша а шайна хьалха лаьттарг нохчо я суьли санна тIеэца ца веза, цара иза тIеэца а, лара а, кхето а веза Оьрсийчоьнан гражданхо санна».

Нухажиев Нурдис ша Мосох хьажийначу кехат тIехь нохчашка боцу бехк кхийдорехь, цхьамогIа масалш а далош, хьахадо Нижний Новгород-махкарчу Урень-гIалахь хилларг а.

"Даьлларг хIума а дойцуш, хьехархошна хIусамаш югIуш болу гIишлошьярхой, 22 стаг, полицин урхалле дIа а бигина, куьйган ларш а йохуш, суьрташ а дохуш, Iаткъам кIел а латтийна, цул тIаьхьа шайн кIоштера дIадовлар тIедиллина…». Бакъонашларьярхочо билгалдаккхарца и хIуманаш маггане а магийта йиш йоцуш низамаш талхор ду.

Нухажиев Нурдис Москох дахьийтинчу кехат тIехь хьахийначу гIишлошъярхойн тобанна коьртехь ву Эдельмурзаев Хизар. И ву карладоккхуш кхо-диъ кIира хьалха Уренехь хилларг.

Соьца къамел деш волчу Эдельмурзаев Хизарс чIагIдарца, Маршо Радионо гIарадаккхар бахьана долуш, харцо эшо ка а яьлла, шайн болх кхиндIа а беш бу гIишлошьярхойн.

Нижний Новгород-махкахь шайца лелийна харцонаш тоа а тоьъа, цхьаболу Нохчийчуьра гIишлошярхой, марха достучу дийнахь цIабахккарх, юха ца боьлхуш, севцца. Иштачех ву 55 шо долу кибарчигйиллархо Сугаипов Iела.

"ХIуъу а тIе а кхоьллина, хьо чуволла а эхь дацара цигарчу низамхошна. Тешам болуш меттиг яцара. Сан-м бацара цаьрга стакан Iайг хиллал а тешам. Цундела со а, сан ши кIант а цIахь сецна». Ишта кхетийра Iелас ша цIахь сацар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG