ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненан чемпион ваьлла штангист Тахаев Руслан


Итали - Тахаев Руслан (юккъехь), йозаллаш айарехь дуьненан чемпион, Tурин, Марсхьокху-бутт 2013

Итали - Тахаев Руслан (юккъехь), йозаллаш айарехь дуьненан чемпион, Tурин, Марсхьокху-бутт 2013

Деношкахь Италерчу Туринехь спортан ветеранашна юкъахь йозалла айаран дуьненан чемпионатехь тоьлла мартанхо Тахаев Руслан. Цунах хазахетар нохчашна хилла ца Ιаш, хилла иза вехачу Австрин бахархошна. Ιедало совгΙат а дина, шен шина воьΙаца – иза шиъ а ву йозалла айечу спортехь билгалваьлла – Альпашка садаΙа вахийтина Руслан. Цигахь карийна Маршо Радиона дуьненан чемпион а, интернетехь тоьллачу хьесапехь массех сайт лелош а волу Тахаев. Иштта дара тхан къамел.




XS
SM
MD
LG