ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гулам бохийна Мисарахь



Мисаран кхерамзаллин ницкъаша бохийна КъахΙирехь лаьттина «Бусулба Вежарий» боламан гулам, дайина дуккха а адамаш. Бут сов хьалха тΙеман карчамца вохийна президент Мурси Мохьаммад меттахΙотторе сатуьйсура гуламе бевллачара. Ιедало ша бахарехь, цо дΙасабаьхна Нахьда-майданахь лаьтта нах.

Ша хилам а гайтина меттигерчу телевизионо. Беллачийн терахь бΙеннашкахь ду, чΙагΙдо цхьайолчу хьостанаша, амма мехкан могашаллин министралло бахарехь, кхелхинарг 13, лазийнарг 67 ву. Европан Берто а, Германис а собаре хилар доьхуш кхайкхам хьажийна мисархошка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG