ТIекхочийла долу линкаш

Хикема иккхина ХΙиндойчохь



Чохь эккхар хилча цΙе а яьлла, хибуха дахана Оьрсийчоьнера эцна хилла ХΙиндой-мехкан хибухахула лела кема Мумбаи-гΙаларчу хийистехь. Хууш дац Ай-Эн-Эс Синдхуракшак шех олуш хиллачу цу кеманчохь нисвеллачу 18 хΙордан эскархочух хилларг. ТΙеман министралло чΙагΙдарехь, белла хΙордхой. Цкъачунна къастанза ду, стенах иккхина кема. 16 шо долу хΙордакема дукха хан йоццуш Оьрсийчу карладаккха дигинчуьра юхакхачийна хилла ХΙиндойчоьно.
XS
SM
MD
LG