ТIекхочийла долу линкаш

Парламентан депутат ядийна ОвхΙанистанехь



ОвхΙанистанехь ядийна мехкан парламентан декъашхо-зуда. Иза бакъдо цигарчу официало а. Газни-провинцехь кху мукъаденошкахь шен кхаа бераца цхьана ядийна Какара Ахьмади Фариба, хаам бина полицино. Првинцин губернаторан гΙовса Ιела Мухьаммада бахарехь, Ιедалан ницкъаша мукъадаьккхина кхо бер, ткъа церан нана цкъачунна каронза ю. Полицин хаамца, набахтехь кхобу кхо тΙалиб мукъаваккхар тΙедожадо зуда-депутат йигинчара.
XS
SM
MD
LG