ТIекхочийла долу линкаш

БагΙдадехь лелхийтарш дина



Иракъан коьрта шахьарахь молханах юьйлина лаххара а кхо машен эккхийтина еаран Ιуьйранна. Официало бахарехь, 28 стаг велла, 30-нна чевнаш хилла. Иштта кхечу мехкийн дипломаташа болх бечу Баьццара Куп олучу меттехь а вийна 4 иракъхо. Лелхийтарш дина шиΙаташ бехачу урамашкахь. Хьалхарчу дийнахь Иракъан премьер-министра ал-Малики Нурис Ιедало луьра къийсам кхидΙа а латтор бу къайлаха зенаш дечу тΙемалошца аларцана нисбелла бохамаш.

Кхушара тΙелетаршкахь, лелхийтаршкахь вийна Иракъехь 3 эзар сов вахархо.
XS
SM
MD
LG