ТIекхочийла долу линкаш

ХΙиндойн ПаргΙатонан Де



ХΙиндойчоьно шен Маршонан Де даздира еарийдийнахь. Даздарш дΙахьош мехкан премьер-министра Сингх Манмохана хьахийра шайн луларчу Пакистанца чΙагΙлуш лаьтта дов а. Оцу пачхьалкхаца шаьш къуьйсу ЦΙе Форт олучу дозанерчу гΙалахь къамел деш, пакистанхошна тоьлу дозанера схьа ХΙиндойчоьнна зенаш ца дар, элира Сингха.

Доза къуьйсучу Кашмирехь кΙиранашкахь дехьа-сехьа динчу кхийссаршкахь велла 5 хΙиндойн эскархо.

ХΙиндоша ПаргΙатонан Де даздо 1947-чу шарахь шаьш Ингалсенан когакΙелхьара довлар дагалоцуш.

Кхаарийдийнахь шайн и санна Де билгалдаьккхира Пакистано а.
XS
SM
MD
LG