ТIекхочийла долу линкаш

"ГIанташ тIехь хечеш яаен нах бу депутаташ"


Нохчийчоь -- Парламентан цIа, Соьлж-ГIала

Нохчийчоь -- Парламентан цIа, Соьлж-ГIала

Муьлхачу дикане сатуьйсу нохчаша хинболчу парламентан харжамашца доьзна? Депутатийн таро юй махкана пайде хила, нехан дахар токхе ден низамаш тIеэца? Иштта дара Маршо Радионо кху киранна дийцаре дан къастийна хаттар.




Парламент халкъан векал ю – 4,5 %

Парламентан карахь хΙумма а дац - 41%

Нохчийчуьрчу парламенто зен до – 50%

Парламентан сан бала а бац 4, 5 %

Пайде низамаш кхуллу парламенто – 0%


Кхожехь хиллачу хаттарна иштта делла жоьпаш.

Парламенте бакъболу къоман хьажам кхин хила а тарло. Кхеташ ду, Маршо Радионо бина хаттам буьллийла дац плебесцитан могΙара. Делахь а, иштта ду делла жоьпаш.

Телефонан зΙенехула а, тхан корреспонденташкахула а парламентах лаьцна Нохчийчуьра схьа шайн дог-ойла йовзийтинарш а бу.

Новр-ГΙалара Рукъман.




ВаларгтΙера Рамзан.




Гуьмсера Ваха.




Хьалха-Мартанара Висхан.




Лаха-Неврера Яха.



Теркйистера ШаΙран.




Шуьйтара Мовсар.






ЧΙуьлга-Юьртара Леча.




Иштта ду Маршо Радионо, хΙун сатийсамаш бузу нохчаша парламентца, цуьнан таро юй махкана пайде хила, нехан дахар токхе ден низамаш тIеэца, аьлла хΙоттийначу хаттарна дуьхьал яздина а, хазийна а жоьпаш.

Халахеташ делахь, хаттар дийцаре деш Маршо Радиоца зΙене бевллачара меттиг ца ло, нохчийн мохк маьрша бу, и маршо ларъеш, нехан дахар тодан ницкъ болуш цигахь парламент ю ала. КхидΙа а сатийсамашкахь, хьогамашкахь даха дуьсу дукхахболучарна...
XS
SM
MD
LG