ТIекхочийла долу линкаш

Хиш дистина Оьрсийчоьнан Малхбалехь



Хиш дистина Оьрсийчоьнан Малхбалерчу къошташкахь. Хабаровскан а, Амуран а, Жуьгтийн а мехкашкахь 113 гΙалара а, ярташкара а 14 эзар стаг кхечу метте ваьккхина орцан ницкъаша. Амур-хи хуьлучул шозза совдаьлла кху деношкахь, дузуш ду кхидΙа а. Десташ лаьттачу Зея, Буреи хиш тΙехь лаьттачу электростанцешна баьллачу кхерамо сагатдойту Ιедалшка. ТΙеман министарлло а гΙовттийна орцанна шен эскарш, гΙирс, лоьраш.

Хиш дестар лаккхарчу тΙегΙане кхочур ду, говзанчаша бахарехь, тΙедогΙучу кΙиран юьххьехь.
XS
SM
MD
LG