ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ιамеркан Кхерамзаллин Агенталла кΙера хилла



Шена 2008-чу шарахь арадаьллачу низамо бахархойн телефонашка, интернет-зΙенашка къайлаха ладогΙа лучу бакъонел а совдаьлла хилла шен куьйга кΙелхьара дакъа, аьлла, даредеш артикл араяьккхина Ιамеркан Кхерамзаллин Агенталло.

«Вошингтон пост»-газето хаам бо, и артикл Эн-Эс-Эй агенталло шена чоьхьарчу документашна тΙе а тевжаш хΙоттийна бохуш. Ша артикл Ιамеркан Кхерамзаллин Агенталлан араяккха дезна ши бутт хьалха цуьнан белхахо Сноуден Эдвард махкара вадарца а, дозанал ара ша ваьлча, цо къайленаш Ιорайохуш, Ιамерко шен а, кхечу мехкийн бахархойн а телефонан къамелашка ладоьгΙу аьлла даржорца доьзна.

И стаг Штаташа, зуламхо а лоруш, лаца кхайкхийна ву. Къайлаваьлла веха шена ханна тховкΙело еллачу Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG