ТIекхочийла долу линкаш

Магомадов Руслан Депардьё велахьара...


Нохчийчоь -- Магомадов Руслан, дуьненаюкъарчу фестивалашкахь коьрта совгIаташ даьхначу "ЦIа" филман автор, кинорежиссер, Соьлж-ГIала, 08AМар2013

Нохчийчоь -- Магомадов Руслан, дуьненаюкъарчу фестивалашкахь коьрта совгIаташ даьхначу "ЦIа" филман автор, кинорежиссер, Соьлж-ГIала, 08AМар2013

Нохчийн трагеди йижанза, кест-кеста айъеш ю дуьненаюкъарчу фестивалашкахь. Толамаш бохучийн декъахь ву массех нохчийн режиссер а. Дала гечдойла цунна, Мазаев Мурад вара цхьаъ. Тоьлла совгΙаташ доху Бельгехь вехачу Шерипов Эмишан филмаша. Иштта авторна алссам дуьненан фестивалашкахь совгΙаташ гулдеш ю Магомадов Руслана «ЦΙа» («Дом») филм а. Русланан оцу филмо хΙинцца а яьккхи Италерчу Амантеахь «Ля Гуаримба» олучу дуьненаюкъарчу фестивалехь коьрта приз.




Магомадов: «Суна дагахь а дацара и филм дуьненаюкъарчу фествалашкахь гойтуш хир ю аьлла. Юьхьанца иза сан дипломан болх бара Сценаристийн Лакхарчу курсашкахь. Оцу филмаца сайн диплом схьаэца Ιалашао яр-кха сан хΙетахь. Хьехархой хьаьвсира оцу филме, царна иза чΙогΙа тайра.

Лакхара курсаш лаьттачу 20 шера чохь яьхначу филмашлахь тоьллачех ю а элира цара иза. Цара элира-кх, фестивале хьажо езара иза, аьлла. Со-м, кхеташ ду, тешаш а вацара сайн филм цига дΙаоьцур ю бохучух. Делахь а, дуккха а фестивалаша тергоне ийцира иза. Гайтира дуккха а мехкашкахь. Штаташкахь, Ингалсехь, Германехь, Бусулба филмийн Оьрсийчуьрчу фестивалехь а хьалхара меттигаш а бехира цо.

Хилларг суна дагахь а доцург ду. ХΙунда аьлча, филман кеп шатайпа ю. Массо а хьовсу гайтам бац иза. Къаьсттинчу хьовсархошна лерина ма юй иза. Со вуно воккхаве и филм Европехь, Ιамеркахь, кхечу мехкашкахь гойтуш яьржина, хΙунда аьлча, цо вайн нохчийн культура сийлале йоккху».

La Guarimba - Дуьненаюкъара инфестивал (лейбл), Марсхьокху-бутт, 2013

La Guarimba - Дуьненаюкъара инфестивал (лейбл), Марсхьокху-бутт, 2013

«ЦΙа» филм, цхьа хьуна хьайна а ца хууш, баьлла аьтто-м бац-те, хенан йохалла кинорежиссурехь тоьлларг хилла виса ницкъ-похΙма тоаррий-те хьуна, Руслан, аьлла, эвхьаза хаттар а дира ас Магомадовга.

Ша чΙогΙа кино езаш а, цунна чусадиллина а стаг ву, кинохь толамаш кхин а бохур бу бохучух теша ша, жоп делира цо.

ТΙейогΙучу ханна хΙун филм ларъян еза хьоьгара нохчаша а, дуьнено а бохучу хаттарна иштта жоп ду Магомадов Русланан.

Магомадов: «ХΙинца тхо «Чиллан-бутт» («Февраль») филм йоккхуш ду. И 1944 шеран депортацин заманаларчу шина вешех лаьцна хир ю. ТΙаьххьарчу беттанашкахь оха Нохчийчохь кастинг дΙаяьхьна, коьрта турпалхой кечбеш-лохуш, 200 сов кандидате хьаьжна, гΙеххьачул билгал а девлла коьрта декъехь оцу филмехь дакъалоцур долучаьрца. ТΙедогΙучу шеран Чиллан-бутт тΙекхочуш тхаш и филм яьккхина довларе са а туьйсу ас. Исбаьхьаллин кепехь, шатайпа филм хир ю иза бьакъдолчун тΙехь яьккхина».

Йоккхучу киноно миллионашкахь ахча худу. Дуй хьан, карийний хьуна оццул ахча, хаьттира ас.

Магомадов: «Дерриг а ахчанна тΙедоьду и тайпа йоккха филм йоккхуш хилча. Цкъачунна мелла а шай-кай ю тхан, филм яьккха йолон. Амма и юьззина ерзон тхуна, кхеташ ду, таро оьшу. Бовла а тарло бала берш республикехь, хаац суна-м, хуьлда уьш бизснесхой, гΙо дан луурш».




Ахча деза Магомадов Русланна дуьненна нохчийн лазамашкахь юккъераниг ларалуш йолу депортаци дуьненна дΙагайта. Амма дац ахча. Кадыров Рамзана а ца кховдийна цунна иза. Амма йоккхучу филман маьΙна нохчех хьакхалуш дацахь а, шен иза яккха, даймахкана букъ а тоьхна, цига веъначу францхочунна Депардьена деза совгΙаташ дан-м комаьрша хили Нохчийчуьра Ιедал...

Ткъа Ιедало ца лахь, халкъо гулдан а мегар дара Магомадов Руслана йоккхучу «Чиллан-бутт» филм яккха оьшшучул ахча.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG