ТIекхочийла долу линкаш

Маьждига чу левчкъича а ца буьту КъахΙирера протестхой



КъахΙирехь эскарша а, полицино а гобинчу маьждигна гонаха дуьйла герзаш хезара шоьтан буса. БΙеннаш нах а бойуш, цΙий Ιаьнначул тΙаьхьа «Бусулба Вежарий» цΙе йолчу боламан декъашхой чулечкъинчу оцу маьждиган мимри тΙе герзаш детташ видеогайтам бара онлайн-телевизионо баржош. Ша маьждиган чоьнаш а яра ницкъахоша яржийначу газан кΙуьралахь.

ТΙаьххьарчу шина дийнахь кхелхина Мисарахь 173 стаг – иштта ду мехкан могашаллин министралло даладе терахь. Мехкан премьер-министра «Бусулба Вежарий» низамехь йоцчу юкъараллийн могΙара яккха еза аьлла дΙахьедина. Цу юкъанна, пΙераскан дийнахь шайн лидеран Бади Мохьаммадан воΙ а вийна КъахΙирерчу протестан барамашкахь, аьлла, хаам баржина «Бусулба Вежарша».

Вохийначу президентан Мурсин агΙончийн гуламаш шорбелира дахначу деношкахь, Ιедалша шайх 600 сов стаг вийча.
XS
SM
MD
LG