ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гибралтарнний, Испанинний довдаьлла



Британино шен олаллехь йолчу Юккъерчу ХΙордаца лаьттачу Гибралтаран а, луларчу Испанин а дозанера хьал ма-хуьлла сиха таллар дехна Европан Берте.

Премьер-министран Кэмерон Дэвидан пресс-секретара дΙахьедина, Испанино шен луларчу мехкан дозанехь, кхерамзалла чΙагΙъеш, дΙабахьа болийна барамаш оьшучул а совбаьхна а, политикан буха тΙехь гΙовттийна а бу, аьлла. Испанин дозанхоша гибралтархой а, туристаш а чекхбовлучохь гΙиттийначу зераша хьем бо дехьа-сехьа лелачу нахана.

Испанино и барамаш болийна ша боху, Гибралтаро, шена чΙерий леца аьтто совбоккхуш, хΙорда чу бетонан экъанаш кхийсина, цундела Испанино дохучу чΙерийн барам лахлуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG