ТIекхочийла долу линкаш

Алсултанов Мусан Перпетуум Мобиле


Нохчийчоь --Алсултанов Муса, механик, тешна ву ша цкъа ца соцу мотор кхоьллина бохучух, Соьлж-ГIала, 16Мар2013

Нохчийчоь --Алсултанов Муса, механик, тешна ву ша цкъа ца соцу мотор кхоьллина бохучух, Соьлж-ГIала, 16Мар2013

Ша шена гΙора доккху, цкъа а соцур а боцу мотор - эзар шерашкахь дуьйна адамо сатуьйсу Перпетуум Мобиле - кхолла араваьлла механик ву Нохчийчохь. Цо ша кхоллина боху и инзаре Ιаламат.



Алсултанов Муса Нохчийчохь ша санна "тамашеначийн" гонашкахь вевзаш стаг ву. Ша кхоьллинчу гIирсийн авторалла чIагIдеш елла патенташ а ю цуьнан.
ХIинца Мусас йинчу моторо ток схьало ша «юучул» дуккха а алсам. Болх бан цунна оьшург йоккха хIума яц, ткъа арало оцу моторо 11 киловатт.

Маршо Радионо цхьа шо хьалха дийцира Алсултановх лаьцна. Цо мотоциклан моторан меттана баллон чохь тIетIатаIийна хIаваъ леладарх лаьцна дара тхан дийцар. Ткъа хIинца ша бина мотор кханенна гIирс бу, боху Мусас.

Алсултанов: «Тахана бензинан мотораш лелабо вай, вовшахъхьекхалуш аьчкаш а ю цу чохь. Онда болх бу цо бан безарг. Кхоьссина, тIера массо а и чалхаш дIайохуьйту ахь. 220 вольт луш болу мотор хIоттабо церан меттана. Заводехь йинчу генераторна жимма хийцамаш а бой, иза хIоттайо. Оцу моторца 500 ватт ницкъ болу стогар а латийра, шиъ дурмашина а латийра оха. Иза итт сов килловат хуьлу ерриг. И мотор хIоттийча, айхьа йоккхуш ток хуьлу хьан. Белхан меттигаш а хуьлу. Ток йохка а йиш хуьлу. 11 килловатт ток ло цо».

Алсултанов Муса тешна ву ша Ньютонан ницкъ Iалашбаран низам дохийна бохучух. И низам тоххарехь ширделла, цундела ша санначара и харцдеш болх бо, бийр а бу, боху механико.

Алсултанов: «Цкъа далахь, хIаваан мотор бича, гира вайна Ньютонан низам духуш. И низамаш тоххарехь дохо дехаш ма дара. Ньютона ша а ма гайтина шен заманал хьалха лаьттина физикан низамаш бакъ доцийла, цо а ма дохийна кхечеран низамаш. Пифагоран а, кхечеран а.

ХIара дуьне хьийзаш ма ду. Тахана цуьнан бу корта, кхана - хьан бу, юха - сан бу. Даима а «церан» низамашца, массо а хьехархо, говзанча лелаш ву. Иза нийса ма дац. Нийса дIадоьлхуш ма дац вай. Дуьххьара парусникаш девлира, юха - Iаьнара тIехь бира мотор. Оцу юккъехь хIавао лелориг бинехьара, Iаьнан мотор оьшуш а бацара хьуна...

Мегар ду. Iаламан маьIданаш чекхдовлахь хIун дан деза вай? Юхадуьйладала деза вай? ХIора хIуманна шен-шен хан ма ю. ХIара нийса доцург нийса дац бохуш, дIагIерта деза-кх. Ша-шена болх беш болу мотор а бу сан кеста гIарабоккхур болуш. Иза хьовза кхин хIумма а дац. Латийчхьана, дIаваха мегар ду кху дуьнентIехула. Иза соцур а бац. Шиъ бу оха кечбеш. Цхьана кIиранах девр ду тхо. Мел болу гIирс а болуш бу тхан, цкъачунна иза къайле ю…».

Шайн агIор физикан говзанчаша цхьанна а кепехь тIе ца оьцу Аслултанов Муса санначара хьоьгу къа . Шайн Iилман низамийн гуранел арабовла йиш яц церан. Цундела Нохчийчоьнан Iилманан академин вице-президента Дадашев Райкома ишшта дуьйцу оцу «тамаше» нахах лаьцна.

Дадашев: «…Бак чу хи а доьттина, цу чуьра охьадогIучу цо генератор хьовзор ю. Цо тIаккха хи хьаладоккхур ду. Ишшта проекташ а яра. Ас боху, 300 шо хьалха францойн Iилманан академино, цкъа а соцуш боцу мотор бина боху хIума талла кхин тIеоьцур дац, аьлла сацам бина. Схьаеъначу мотора тIехь, гIалат каро а, цунна тIаьхьакхиа, къахьега деза Iилманчийн. Ницкъ Iалашбаран низам диллинчулла тIаьхьа, гуш ма ду и мотор бан йиш цахилар. Суна хазахета и нах болуш. Цара къа а хьоьгу, шайн интеллект хьала а йоккху».

Алсултанов Муса санна «тамаше говзанчаш Нохчийчохь дуккха а бу. Я Iедалера а , я цхьанггера а гIо а ца доьхуш, шайн Iалашонна тIегIерта уьш. Теша лаьа, гIалаташкахула, Iама а Iемаш, цара, цхьа доккха инзаре делларш дийр ду, Iилман низамаш а херцош.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG