ТIекхочийла долу линкаш

Сноуденца воьзначу журналистан партнер лаьцнера Лондонера ХIитроухь


Британерчу полицино кхетон дезаш ду, кIиран дийнахь Лондонера ХIитроу аэропортехь Миранда Дэвид хIунда лаьцнера. Шпионаж лелорна бехке вечу, Iамеркан къайлахчу сервисашна болх беш хиллачу Сноуден Эдвардца уьйр йолчу журналистан накъост ву иза.

Британин парламентан Чоьхьарчу ГIуллакхийн лерринчу комитетан гIантдас Ваз Кита аьлла, мелла а сиха къастон деза, 9 сохьтехь барт а хаьттина, цул тIаьхьа бехк ца кховдош, Миранда дIа хIунда хецна.
Би-Би-Сица къамел динчу бразилхочо дийцина, шегара компьютер, видеоловзург а, мобилан телефон а, кхин болу электронан гIирсаш а схьабаьхна хилла хиларх лаьцна.

Хьалхуо полицино хаам бинера, шаьш иза террорана дуьхьало йечу низаман буха тIехь лаьцнера, аьлла. Берлинера Рио-де-Жанейро воьдуш, Лондонехь кхечу кеманна тIе хаа дезаш хилла Миранда. Британера Guardian газетерчу Гриноулд Гленца Iаш ву иза. Оцу Гриноулда дуьххьара интервью эцна Сноуденера. Цо шега делла долу 20 эзар гергга документ зорбане даьккхина цо. Цу буха тIехь Iамеркера къайлахчу ницкъаша нехан электронан кехаташ а, документаш а доьшуш хиларх лаьцна яздинера журналисто.
XS
SM
MD
LG